День Ашура

05.08.2022

lашура денна лерина кхетош кхиоран болх

lалашо:

1. lашура дийнан дозалла берашна довзийтар, вайн динах лаьцна пайде йолу хаза агlонfш йовзийтар;

2. lашура бохучу дешан маь1на довзийтар;

3. Берийн дегнаш чу бусулба дине безам кхоллар.

Д1ахьош верг

- Де дика хуьлда шун, тхан хьоме бераш! Тахана вайн 1алашо ю бусулба нехан хенан го тlера Мухьаррам беттан дозалла а, цуьнан пайда а бовзийтар. Мухьаррам беттан итталгlа де ду lшура де. "lашара" бохучу дашах тиллина цу денна lашура ц1е, lашара-итталгlа терахь бохург ду lаьрбийн маттахь. laшура дийнахь сагlа доькъу кегий берашна а, гергарчу нахана а, шен ницкъ ма кхоччу хазахетарш до, сийлахь Къуран доьшу. laшура де деза хилар стенна гойту вай? Оцу дийнахь Дала стигланаш кхоьллина, латтанаш, маликаш, дуьххьарлерa адам а кхоьллина. Вайна laшура де хlокху шарахь, вайн хенан го тlе хьоьвсича, борхlалгlачу терахьехь эгиш баттахь догlу. Аллахlа гlора а, ницкъ а лойла вайна дуьнен чохь йоккху хан Далла lибадат деш яккха!